Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цо, схьа а веана, милла а набахти чу а воьллина, иза кхеле озийча, Цунна дуьхьал мила вер ву? Иза хийцам боцуш ву – мила ву Иза хийцавалийта? Шена дага мел деанарг Цо кхочушдийр ма ду. Диг ша лелочу стагал тоьлуш хир дуй? Херх ша хьокхучул тоьлуш хир буй? Ша хьалаайинчу стагана тІехь олалла дийр дуй те гІожо? Дечигах бен боцучу хьокхано адам хьалаойур дуй те? гІаланаш а йохош, лаьттах яьсса аре йинарг, шен йийсархой цІа ца хецнарг?“ Декъаза ву ша Кхоьллинчуьнца къийсалуш верг, лаьттах йинчу кхабанашна юкъахь цхьаъ бен йоцург! Поппаро куьпчичуьнга хоттур дуй те: «Хьо хІун деш ву?» Йинчу хІумано ша йиначух эр дуй те: «Цуьнан куьйгаш дац»? «Исраилан тІаьхье, цу пхьеро диннарг Соьга а шух далур дац те? – боху Везачу Эло. – Хьо Сан карахь куьпчичун поппар санна ма ю, Исраилан тІаьхье. Ткъа мила ву хьо, стаг, Делаца къийсавала? Йинчу хІумано эр дуй ша йиначуьнга: «Со иштта хІунда йина ахьа?»
Выбор основного перевода