Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Берриге а Исраил-махкахула а, ЯхІуд-махкахула а паччахьан а, цуьнан баьччанийн а кехаташ дІасадаржош бахара геланчаш. Паччахьо динчу омрица кехата тІехь яздина дара: «Исраилан халкъ! ИбрахІиман а, Исхьакхан а, Исраилан а Дела волчу Везачу Элана тІедерзалаш, тІаккха ашурхойн паччахьан карара схьабевллачу дийна бисинчарна тІевоьрзур ву Иза а. Сан денош кІади деш йолчу чорха тІехь дІасакхуьссуш долчу гуйнел а сиха тІехлелха, сатийсам боцуш сан денош чаккхенга кхочу. Веза Эла, дагадаийтахьа Хьайна сан дахар цкъа садаккхал бен доцийла, сан бІаьргашна кхин цкъа а самукъане дерг гур доцийла. Тхан шерийн денош кхузткъе итт шо ду, мелла а ондачийн – дезткъа шо, ткъа царах уггар а тоьлла хан къинхьегам а, гІайгІанаш а йолуш ю. Шераш сиха дІа а довлий, тхо дІадоьлху. Цхьа геланча вукху геланчина тІаьхьа а кхуьуш, Бавелан паччахье цуьнан гІала массо а маьІІера дІалаьцна лаьтташ ю аьлла, хаам эцна вогІу.
Выбор основного перевода