Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло шайтІане элира: «Тидам бирий ахьа Сан ялхо волчу Аюбан? И саннарг хІокху дуьнен тІехь кхин цхьа а вац: иза хІуманна а бехке воцуш а, догцІена а стаг ву. Далла хьалха ларамах вуьзна а волуш, иза массо а вочу хІуманах ларлуш ву. Иза хІинца а чІогІа шен кхачамалла ларъеш ву, цуьнан бехк боццушехь, иза дакъазаваккхийта ахьа Со иракарахІоттийнехь а». Со синтеме Іаш вара, амма со кагвира Цо. Вортанна тІера схьа а лаьцна, со войра Цо. Со Шен гІакх санна вина дІахІоттийра Цо. Со пен болуш санна, юх-юха со вохош ву Иза. ТІемало санна, суна тІеуьду Иза. Аюба элира: „Со нийса ву, амма Дала сан гІуллакх кхеле ца диллира.
Выбор основного перевода