Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3
Параллельные места
Хьалхарчу Іахарца иштта сагІанаш даха: кхачанан сагІа санна хІинан доьалгІа дакъа тоьлла долчу зайтдаьттанца эдина бархІ кад дама, ткъа чагІаран сагІа санна биъ кад чагІар. ШолгІа Іахар сарахь, сагІа санна баккха, ткъа цуьнца хьалхарчуьнца санна долу кхачанан сагІа а, чагІаран сагІа а даккха. Иза цІера тІехь даьккхина сагІа ду, ткъа цуьнан хьожа Везачу Элана тамехь хир ю. «Нагахь цхьанна кІен сагІа даккха лаахь, кІенах дина тоьлла дама схьа а дай, цу тІе зайтдаьтта а дотта, ливан цІе йолу сегІаз а дилла цо. И даздина латта хир ду, Делан цІа чохь гІуллакх деш болчу а, Далла гІуллакх дан Цунна тІе богІуш болчу а динан дайн. Цу лаьтта тІехь цара шайна цІенош дийр ду, иштта Делан цІенна лерина йолу еза меттиг а хир ю цигахь. Сингаттаман духар а духий, юкъ а ехкий, делха, динан дай! Тийжа, сагІа доккхучу кхерча тІехь гІуллакх дийраш! Схьадуьйла, сингаттаман духарш а духий, буьйсанаш яха, сан Далла гІуллакх дийраш! ХІунда аьлча шун Делан цІа чохь лелош дац кІен а, чагІаран а сагІа даккхар. Хьанна хаьа, дохко а ваьлла, къинхетам бийр бац те Цо? ТІаккха шун таро хир ю шайн Везачу Далла лерина кІен а, чагІаран а сагІанаш даха. Далла гІуллакх деш болу динан дай тийжийла кевнна а, сагІа доккхучу кхерчана а юккъехь. Олийла цара: «Къинхетам бехьа, Веза Эла, Хьайн халкъах. Ма кхардийтахьа Хьайн тІаьхьенах, кхидолу халкъаш ма делийтахьа цунах. Стенна бохур ду къаьмнашна юкъахь: „Мичахь ву церан Дела?“»
Выбор основного перевода