Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3
Параллельные места
Оцу массо а дешнашка ла а доьгІна, Ахьаба шена тІера бедарш этІийра. Цо шена тІе сингаттаман бедарш юьйхира. Иза марха а кхобуш, оццу бедаршца дІа а вуьжуш, чІогІа сингаттаме вара. Шайна тІе сингаттаман духар доха, мохь бетташ, тийжарца делха, хІунда аьлча Везачу Элан дералла ЯхІудан халкъана тІера дІа ца йирзина». Сингаттаман духар тІе а дуьйхина, шен къоначу заманчохь дош деллачунна йоьлху йоІстаг санна, делхийша! ДІасецна Везачу Элан цІа чохь кІен а, чагІаран а сагІа даккхар. Тийжаш бу Везачу Элана гІуллакх деш болу динан дай. Далла гІуллакх деш болу динан дай тийжийла кевнна а, сагІа доккхучу кхерчана а юккъехь. Олийла цара: «Къинхетам бехьа, Веза Эла, Хьайн халкъах. Ма кхардийтахьа Хьайн тІаьхьенах, кхидолу халкъаш ма делийтахьа цунах. Стенна бохур ду къаьмнашна юкъахь: „Мичахь ву церан Дела?“» Юха Мика-ЯхІус элира: «Со цунна воьлхур а ву, тийжар а ву, когаш Іуьйра а, верзинаваьлла а лелар ву со. Со, чангІалкх санна, угІур ву, бухІа санна, воьлхур ву,
Выбор основного перевода