Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3
Параллельные места
Цигахь даха шайн дийнаташ дагоран сагІанаш а, кхидолу сагІанаш а, шайна са йоккхучух луш долу уьтталгІа дакъа а, шайн совгІаташ а, шаьш йинчу чІагІонца а, шайн лаамца а луш долу сагІанаш а, шайн бежанех схьадевлла долу дуьххьарлера эсий а, иштта уьстагІех схьадевлла долу дуьххьарлера Іахарий а даладе цу метте. Цигахь шайн Везачу Далла хьалха яа а яа, иштта шу а, шун доьзалш а шайн куьйгашца шаьш дина долчу массо а хІуманах а, шайн Везачу Дала шу декъалдарх а самукъадолуш а хила. Шайн Везачу Далла хьалха сакъералуш хила Цо Ша Іайтархьама къастор йолчу меттехь – шу а, шун кІентий а, йоІарий а, шун леш а, гІарбашаш а, шун гІаланашкахь Іаш болу левихой а, тІебаьхкина нах а, иштта бай а, бисина Іаш болу зударий а. ХІунда ду те хьо сингаттаме, сан са? Карзах хІунда дуьйлу те хьо сан кийрахь? Деле ладоьгІуш хила, хІунда аьлча аса кхидІа а хастамаш бийр бу Цунна, со КІелхьарвоккхург волчу сайн Далла. Хьалдолу Эла волу берриге а ницкъийн Веза Эла Ярушалаймера а, ЯхІуд-махкара а массо а тайпана гІо а, гІоьнча а дІаваккха хІутту. Цо дІабоккхур бу баьпкаца а, хица а бина кечам а,
Выбор основного перевода