Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3
Параллельные места
Латта дассийна а, чІана даьккхина а хир ду, хІунда аьлча Везачу Эло хІара дош аьлла. Латта латкъам беш а, лекъаш а ду. Дерриге а дуьне гІеллуш а, маргІалдулуш а ду. Лаьттан халкъан лекханаш а гІеллуш бу. Къона чагІар латкъам беш ду, ткъа кемсийн таьллангаш маргІалъюлуш ю. Хьалха самукъане хилларш хІинца гІайгІане бу. «ЯхІуд-мохк боьлхуш бу, цуьнан гІаланаш маргІалъюлу. Церан нах, тийжаш, Іохкуш бу, Ярушалаймера орца ду доккхуш. Ялта чудерзо хан тІекхаьчча, Аса юхадерзор ду Сайн ялта. Кемсаш хилла яьлча, чагІар а схьадоккхур ду. Аса цуьнгара схьабоккхур бу тІаргІа а, вета а, цуьнан ерзина хилар къайладоккхуш хилла долу. И хІума бахьана долуш хІара латта тийжар ду. Лаьтта тІехь бехачу массеран а гІора довр ду. Аренийн акхарой, стигалара олхазарш, ур-атталла хІордан чІерий а хІаллакьхир ду. Хьаьттаро а, муттдоккхурго а исраилхой бузор ма бац. Кемсийн мутт царна тоьар ма дац.
Выбор основного перевода