Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3
Параллельные места
Токхечу лаьтта тІера самукъадалар а, доккхадедар а дІаэцна, кемсийн бошмашкахь эшарш а ца лоькху, нехан баккхийбер а дац. Муттдоккхургашкахь цхьа а кемсаш хьошуш вац. Везачу Эло ирсе маьхьарий дІасацийна. ЧагІар ца хиларна, маьхьарий детташ бу урамашкахь нах, муьлхха а хазахетар кхоьлина ду, муьлхха а самукъадалар лаьтта тІера дІаэккхийна. Ирс а, синкъерам а дІабаьлла Кармалахь а, Муаби-махкахь а. Ас совцийна муттдоккхургана чуьра охьаоьхуш йолу чагІаран Іовраш, кхин хьошур яц кемсаш, самукъадаларца маьхьарий а детташ. Маьхьарий деттар ду, амма уьш синкъераме маьхьарий хир дац. Аса яссор ю цуьнан кемсийн таьллангаш, инжиран дитташ а дассор ду. „Суна сан безаргаша луш долу алапа ду хІара“, – олу цо царах лаьцна. Аса царах акха боьлак йийр ю, аренийн акхароша цоьстур йолу. «ТІаккха хуур ду шуна Со шун Веза Дела вуйла, Сайн безачу Цийон-лам тІехь вехаш волу. Ярушалайм еза меттиг хилла дІахІуттур ю. Кхечу къаьмнех берш кхин цкъа а Ярушалаймехула толамхой санна чекхбевр бац». «Цу дийнахь иштта хир ду: лаьмнаша чагІар охьаІенор ду, баьрзнашкара шуьреш охьаоьхур ю, ЯхІуд-мехкан татолаш а хих дузур ду. Везачу Элан цІа чуьра шовда охьадогІур ду, ткъа цо Шитим-тогІина хи мийлор ду.
Выбор основного перевода