Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3
Параллельные места
И де боданан а, Іаржаллин а де ду, мархаш а, дохк а долуш. Лаьмнашкахула дІасаяьржа буьйса санна, доккха а, нуьцкъала а долу цІазан эскар тІедогІу. Иштта долу эскар азалера дуьйна а хилла дац, ткъа иза абаде тІеяллалц а хир дац. Цуьнан васт – дойн васт санна ду. Церан хахкадалар тІеман говрийн санна ду. Иза гІудалкхийн гІовгІанца санна, ча догуш лелха цІеран суйнаш санна, тІамана дІахІоттийна нуьцкъала эскар санна, лаьмнийн баххьашкахула хахкаделла лела. Веза Эла эскарна хьалха воьду, Цо Шен эскаре омра до. Ма шортта ду Цуьнан долахь долу эскар! Ма нуьцкъала бу Цуьнан дош кхочушдийраш! Везачу Эло кхел ен де сийлахь ду. Хьаьнга лалур ду те и къематде? Шу долчу Ас тІехецначу эскаро – цІазан хьалхара арданго а, цІазан кхин мел йолчу ардангаша а – хІаллак мел динарг, Ас меттахІоттор ду. Цу цІазан месаш а зударийн месех тера яра. Ткъа церан цергаш лоьмийн цергаш санна яра.
Выбор основного перевода