Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3
Параллельные места
Дуккха а ялта дІадуьйр ду аша, амма кІезиг гулдийр ду, хІунда аьлча цІазо дуур ду иза. Церан ялта цо цаьпцалгашна дІаделира, иштта церан кхаш цІазана дІаделира. Иза вистхуьллушехь, цІоз даьржира, барам боцуш дукха уьш хилира. Аша дІаяьккхина хІонс, цІазо дІакхаьллича санна, дІалахьор ю, цІазийн жІуга тІелетча санна, шун хьолана тІелетар бу. Шу долчу Ас тІехецначу эскаро – цІазан хьалхара арданго а, цІазан кхин мел йолчу ардангаша а – хІаллак мел динарг, Ас меттахІоттор ду. «Ас чахчош болу мох боуьйтура шун ялташ тІе. ЦІазо йоура шун бошмаш а, кемсийн аренаш а, комарийн а, зайт а дитташ а, делахь а Суна тІе ца дирзира шу. Цкъа сан Хьалдолчу Эло, хаам беш, иштта сурт гайтира суна. Дала цІоз кхоьллира тІаьххьара буц хьалайолучу хенахь. И дара, цани тІера паччахьан декъана мангал хьаькхначул тІаьхьа, керла буц хьалайолуш. Цигахь цІеро хІаллакйийр ю хьо, туьро цоьстур ю хьо. ЦІазо ялта дІакхалларе терра, хьо а йиъна дІайоккхур ю! Къона а, доккха а цІоз санна, дебаш хила! Хьан совдегархой стигалара седарчел а алсамбевлла бу. Уьш, къона цІоз санна, цІока дІа а яьккхина, хьалаоьху.
Выбор основного перевода