Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3
Параллельные места
Са бІарз а делла, ЯхІушаптис сацам бира Везачу Элах дагавала. Берриге а ЯхІуд-махкахь марха кхаба дезар дІахьедира цо халкъе. ЯхІудхой Везачу Эле гІо деха схьагулбелира. ЯхІуд-махкарчу ерриге а гІаланашкара баьхкира уьш, Везачу Эле шайна гІо дар дехархьама. ЛадогІа бохучуьнга, къаной! Тидам бе, кху мехкан массо а бахархой! Хиллий те хІара саннарг шу я шун дай баьхначу деношкахь? Лакхийша маІа Цийон-лам тІехь, дІахІоттадейша Далла марха кхабар, кхайкхийша халкъ динан гуламе. Схьагулдейша халкъ, базбейша и гулам, схьакхайкхийша къаной, схьагулбейша къонахий а, декхаш долу бераш а. Араволийла хІинца зуда ялийнарг ша вехачу хІусамера, нускал а арадолийла шен цІа чуьра. «Массо адамаша вон тІедеача юхуш йолу бедарш тІеюха. Даьхнина тІе хІуманаш таса. Массара а шийлачу маьхьаршца Деле а кхайкха. ХІораммо Далла тІеверзархьама, шен зуламе некъ а бита, шайн куьйгашца кхечарна гІело а ма е», – аьлла.
Выбор основного перевода