Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3
Параллельные места
Делха, герга ду Везачу Эло кхел ен де. Цу дийнахь Нуьцкъалчо дерриг а хІаллакдеш болу ницкъ гойтур бу. ЭхІ, ма къемате хир ду и де, цхьа а де цунах тарлур а дац. Якъубан тІаьхьенна иза гІайгІане зама хир ю, амма оцу гІайгІанех и тІаьхье кІелхьаръер ю“». ХІара де массо а ницкъийн Хьалдолчу Элан де ду. ХІара де Цо бекхам бо де ду. Цуьнан мостагІашна тахана бекхам хир бу. Туьро уьш, ша дуззалц, дІакхоллур бу, ша Іаббалц, церан цІий а молур ду, хІунда аьлча Эпрат-хина уллохь болчу къилбаседерачу махкахь массо а ницкъийн Хьалдолчу Эло Шена сагІа кечдийр ду. Лакхийша маІа Цийон-лам тІехь! Орца даккхийша Сан безачу лам тІехь! Бегабойла хІокху мехкан берриг а бахархой, хІунда аьлча Везачу Элан де тІедогІу, иза герга ду. Веза Эла эскарна хьалха воьду, Цо Шен эскаре омра до. Ма шортта ду Цуьнан долахь долу эскар! Ма нуьцкъала бу Цуьнан дош кхочушдийраш! Везачу Эло кхел ен де сийлахь ду. Хьаьнга лалур ду те и къематде? Тобанаш, тобанаш ю кхел ечу тогІи чохь. Гергга деана Везачу Элан оьгІазаллин де оцу тогІина! Массо а халкъашна гергадеана Везачу Элан къематде. Аша диннарг шуна а дийр ду. Хьакъ мел дерг шун кортош тІе доьрзур ду. Хьажал, Везачу Элан цхьа де тІекхочуш ду. И де тІекхаьчча, шуьгара яьккхина хІонс мостагІаша шун бІаьргашна хьалха дІасайоькъур ю шайна юкъахь. Ас дерриг а халкъаш Ярушалаймана дуьхьал тІом бан схьагулдийр ду. ГІала схьаяьккхина хир ю. ЦІеношна талораш дийр ду. Зударий сийсазбохур бу. ГІалин цхьа ах йийсаре юьгур ю, ткъа дисина халкъ гІаланах дІахадийна хир дац. ТІаккха Везачу Эло, ара а ваьлла, оцу халкъашна дуьхьал тІом бийр бу, тІеман дийнахь Ша тІом ма-барра. Нахана ца хууш вогІу къу санна, догІур ду Везачу Элан де, тІаккха гІовгІанца стигалш къайлаевр ю, стигалахь мел хуьлуш дерг, серла а даьлла, догур ду, латта а, дерриг а цу тІехь дерг а, даьгна, дІадер ду.
Выбор основного перевода