Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3
Параллельные места
Ахьаб-паччахьо Іабди-ЯхІуга аьллера: «Вало, махкара массо шовда а, хи а долчу меттигашкахула чекхвала вайшиъ, жимма буц карор яцара те вайна, говраш а, вирбІарзаш а дийна йисийтархьама, бежанех цхьа а ца дайархьама». Мел ханна хир ду хІара латта дакъийна, мел ханна хир ю хІора кха тІехь буц якъаелла? Цигахь Іаш болчеран Іесалла бахьана долуш, олхазарш а, акхарой а хІаллакьхуьлуш ю. Цу тІе а наха боху: «Далла ца хаьа тхан чаккхе муха хир ю». Ур-атталла арахь болчу сено а, ша йина йолу кІорни юьту, цунна яла буц йоцу дела. Акха варраш а ду ерзинчу лакхенашкахь лаьтташ, чангІалкхаша санна, шайн мерех хІаваъ чууьйзуш. Церан бІаьргаш кхоьлина бу, яа буц цахилар бахьана долуш». И хІума бахьана долуш хІара латта тийжар ду. Лаьтта тІехь бехачу массеран а гІора довр ду. Аренийн акхарой, стигалара олхазарш, ур-атталла хІордан чІерий а хІаллакьхир ду.
Выбор основного перевода