Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3
Параллельные места
Шаьш маргІалш дІадугІучу хенахь аша гІайгІа бира уьш кхиийта, Іуьйранна цаьрга заза даккхийтира аша, амма ялта гулдечу хенахь цунах хІумма а хир яц – цамгар а, дІа ца доьрзу лазарш а бен. Вуй те дуьнен чохь цу хІуманах кхетар волу хьекъалча? Вуй те Везачу Эло хьекъал делла волу стаг, цу хІуманах кхето йиш йолу? ХІунда хІаллакдина хІара латта, цхьа а шена тІехула новкъаваьлла стаг а ца гуш, хІунда яссийна хІара аре? Хьолахоша шайн ялхой хи дан бохуьйту. Уьш гІунаш тІе бахча, царна хи ца карадо. Яьссачу кхабанашца уьш юхабоьрзу. Дог а доьхна, юьхьІаьржачу а хІиттина, цара шайн кортош къайладоху. ДогІа ца дарна, латта лилхина. латталелорхой дог доьхна лаьтта, цара кортош тІе хІума туьллу.
Выбор основного перевода