Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Берриг исраилхошца цхьаьна ЮшаІа Зерахьан кІант Іахан а, дети а, духар а, дашо экъа а, Іаханан кІентий а, мехкарий а, цуьнан стерчий а, варраш а, уьстагІий а, четар а – дерриг а цуьнан дерг Іахур-тогІи чу схьадеара (Іахур – иза «сингаттам» бохург ду). Іаханна а, цуьнан доьзална а тІехь тІулгех боккха барз бира наха. И барз тахана а лаьтташ бу. Цул тІаьхьа Везачу Элан оьгІазалла яйъелира. Тахана а цу меттигах Іахур-тогІи олу. Юха, ХІинам-тогІина дуьхьал болчу ломан когашка чу а дуссий, репахойн тогІи чухула къилбаседехьа а доьдий, Явсай-гІалин къилбехьарчу агІор ХІинам-тогІи чу дуссура иза, цигара дІа Іейн-РегІал цІе йолчу хьостана тІе доьдура. Цул тІаьхьа, къилбаседехьа дІа а доьрзий, Іейн-Шемешана тІе а доьдий, цигара дІа Адуммим-Іинна дуьхьал йолчу Галилутна тІедоьдура доза. Цигара дІа Раабанан кІентан БохІанан тІулг болчу чудуссура иза.
Выбор основного перевода