Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эле Епунин кІант Килаб декъалвар а дехна, Килабе дола дайта Хьеврон-гІала дІаелира ЮшаІа. Хьеврон хІинца а кхеназхо волчу Епунин кІентан Килабан тІаьхьенна дакъа хилла йисна, хІунда аьлча иза исраилхойн Везачу Дала бохучунна тІера ца ваьллера. Хьевронан цІе хьалха Кхиръят-АрбаІ хилла. (АрбаІ цІе йолуш Іаьнакхахойн тІаьхьенашна юкъахь цхьа сийлахь стаг хилла.) Цул тІаьхьа тІамах садаьІира лаьтто. ХьумтІа, Кхиръят-АрбаІ (я Хьеврон), ЦиІор – исс гІала шайн ярташца.
Выбор основного перевода