Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Кхадеш-БарнаьІара Іази-гІала кхаччалц а, дерриг ГІашан цІе йолу латта а, ур-атталла ГавІон-гІалина тІекхаччалц долу латта а схьадаьккхира ЮшаІа. Иштта ЮшаІа схьадаьхна долу латтанаш хІорш дара: акъарехь а, ерриг а НегІаб яьссачу аренгахь а долу латтанаш а, ГІашанера дерриг латта а, малхбалехь долчу лаьмнийн когаш а, Іариба-тогІи а, Исраилан лаьмнаш а, къилбаседехь долчу лаьмнийн когаш а, СагІа доккхучу хенахь Абушалама шена тІе гилохо волу Ахьи-Тупал Гило-гІалара кхайкхира, Даудан хьехамча волу. Абушалама къайлаха беш болу барт чІагІлуш бара, цунна гонах дукха нах схьагуллуш бара.
Выбор основного перевода