Цундела Ярушалайман паччахьо Адани-Цадакха Хьевронан паччахь ХІохІам волчу а, Ярмутан паччахь Париам волчу а, Лахишан паччахь ЯпияІ волчу а, ІегІлонан паччахь Дибар волчу а хьадалчаш бахийтира хабар эцна:
Малх чубузучу хенахь ЮшаІа омра а дина, дитташ тІера схьа а даьхна, уьш дІалевчкъина хиллачу хьеха чу кхиссира паччахьийн декъий. Хьехана дуьхьал даккхий тІулгаш дехкира. Таханлерчу дийне кхаччалц цигахь Іохкуш ду уьш.
Ярушалаймехь Амци-ЯхІуна дуьхьал ямартлонца барт бира. Иза Лахиш-гІала ведда дІавахара. ТІаккха, цунна тІаьхьа Лахиш-гІала нах а бахийтина, Амци-ЯхІу цигахь вийра.