Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цара, дІа а бахана, Цин-яьссачу арара дуьйна Хьамат-Іинна юххехь йолчу Рахьуб-гІалина тІекхаччалц и мохк теллира. Цу хенахь акъареш тІехь Іаш болу Іаьнакхахой хІаллакбира ЮшаІа: Хьеврон-гІалина уллохь а, Дибар-гІалина уллохь а, Іанаб-гІалина уллохь а, ЯхІудан а, Исраилан а дерриг а лаьмнаш тІехь а. Церан гІаланашца уьш берриш а хІаллакбира цо. Цхьа а Іаьнакхахо ца висира исраилхойн лаьтта тІехь, Іази-гІалаххьий, Гати-гІалаххьий, Ашдод-гІалаххьий бен. ЯхІудан тІаьхье Хьевронехь Іаш болчу канаІанхошца тІом бан яхара (хьалха Хьеврон-гІалин цІе Кхиръят-АрбаІ хилла). Цигахь цо Шешай а, Ахьиман а, Талмай а эшийра. Мусас ма-аллара, Килабе Хьеврон дІаелира, ткъа цо Іаьнакхан кхо кІант цигара лаьллина дІавахийтира.
Выбор основного перевода