Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цул тІаьхьа, Бен-ХІинам цІе йолчу тогІи чухула Явсай-гІалин (я кхечу тайпана Ярушалайман) къилбехьарчу агІорахула дІа а дахана, ломан буьххье хьаладолура иза. И лам ХІинаман тогІина дуьххьал малхбузехьа бара, цул сов, репахойн тогІин йистехь къилбаседехьа а бара. ЯхІудан тІаьхьено Ярушалайм-гІалина дуьхьал тІом бира, иза схьа а яьккхира. Шайн таррашца цара адамаш дайира, ткъа гІала ягийра. Амма бен-яманхошка Ярушалаймера явсайхой дІа ца лахкабелира. Уьш хІинца а Ярушалаймехь Бен-Яманан тІаьхьенна юкъахь бехаш бу. Паччахь а, цуьнца болу нах а Ярушалайме бахара, цигахь бехаш болчу явсайхошна тІелата. Ткъа цара Дауде элира: «Хьо кхуза чувогІур вац: ур-атталла бІаьрзечарий, астагІчарий дІалоллур ву хьо». Иза «Дауд кхуза чувалур вац» бохург дара.
Выбор основного перевода