Дауде хаам бира: «ПІелаштамхой, КъаІила-гІалина тІе а летта, хьаьттаршкара ялта лечкъош бу», – аьлла.
Дауда Везачу Эле хаттар дира: «Со цига ваха везий те? Эшалур буй те соьга и пІелаштамхой?» – аьлла. Везачу Эло цуьнга жоп делира: «ГІо, пІелаштамхой хьоьга эшалур бу, КъаІила-гІала ахьа кІелхьар а йоккхур ю».