Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Малхбузера дозанехь хир бу Боккха хІорд. Иза шун малхбузехьара доза хир ду. Мисар-махкана уллохь долчу Шихьор-хина тІера къилбаседехьа йолчу Іекхран-гІалина тІекхаччалц ду церан латта, ткъа иза канаІанхойн латта лоруш ду. Цунна чуйогІу пІелаштамхойн пхеа урхалчин гІаланаш: Іази а, Ашдод а, Ашкхилун а, Гати а, Іекхран а. Іаваймхойн къомана тІехь а толам баккха безаш бу. Цул тІаьхьа, Іацмун-гІаланах тІех а даьлла, Мисар-мехкан дозанехь долчу хица дІа а дахана, Дуьненаюккъерчу хІорда тІе доьдура иза. Цигахь чаккхе яра цуьнан. Иштта дара ЯхІудан тІаьхьенан къилбехь долу доза. Цу хІордаца дара церан малхбузехь долу доза. Массо а агІор иштта доза дара ЯхІудан тайпанах болчу нехан.
Выбор основного перевода