Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Зип, Телам, БеІалт, Уьш Шаулал хьалха Зипе дІакхечира. Ткъа Дауд шеца болчу нахаца МаІун олучу яьссачу аренгахь вара. И аре Яшимунара дІа къилбехьа, Іариба-тогІенахь, Іуьллуш яра. Шаул шеца болчу нахаца цхьаьна иза лаха вахара. Амма Дауде хаам бинера цунах лаьцна, цундела иза аренгахь лаьтташ йолчу тарх тІе а вахана, МаІун-аренгахь сецира. Иза шена хиъча, Шаул Даудана тІаьхьа МаІун-аренга вахара. МаІунахь Іаш чІогІа вехаш волу цхьа стаг вара. Цуьнан хІусамех цхьаъ Кармал-юьртахь яра. Цу стеган долахь кхо эзар уьстаггІий, цхьа эзар газий яра. Иза Кармал-юьртахь шен жа лоргучохь вара.
Выбор основного перевода