Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Исраилхошна хьалха эмархой бохийтина, церан дегнаш чу кхерам тесира Везачу Эло. Исраилхойн эскаро ГавІонехь дукха мостагІий хІаллакбира. Юха, царна тІаьхьабевлла, Байт-Хьорон цІе йолчу лам тІе боьдучу новкъахула дІабахара уьш. Іазекхи а, Макхеда а цІераш йолчу меттигашка кхаччалц, хІаллакбеш, дІабигира цара эмархой. Исраилхойн дерриг а эскар ЮшаІ волчу, Макхедана уллохь лаьттачу шайн меттаматте, толамца юхадирзира. Исраилхошна дуьхьал дош ала хІуттуш цхьа а вацара.
Выбор основного перевода