Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
къилбехьа агІор долу шун доза дІадолалур ду Цин-яьссачу арара Эдомна юххехула. Шун къилбехьара долу доза Дуьрачу хІордан къилбехьарчу меттера малхбалехьа дІагІур ду. Иза, къилбехьа а дирзина, Акхрабайм-Іинна тІе а кхаьчна, Цин-яьссачу аренгахула чекхдер ду. Цигара и доза, къилбехьарачу Кхадеш-БарнаьІа цІе йолчу метте а кхаьчна, Хьацар-Адар-гІала а деана, Іацмун-гІалахула чекхдер ду. Іецйон-ГІебарера дІа а бахана, шайн меттамотт Цин олучу яьссачу арахь, Кхадеш цІе йолчу меттехь, дІахІоттийра цара.
Выбор основного перевода