Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цалпихьадан йоІаршца доьзна Везачу Эло иштта тІедуьллу: „Шайн бІаьргашна хазвеллачуьнга маре баха бакъо ю церан, амма уьш маре боьлхурш церан дайн гаранах долчу тайпанашкарчу нахах хила беза. Иза иштта хила деза Исраилан халкъан дола даьлла долу латта цхьана тайпанера кхечу тайпанан дола ца далийтархьама, хІунда аьлча исраилхойх волу хІорра а шен дайн тайпанан долахь долчу лаьттаца воьзна хила веза. Ашдод, шеца йолчу гІаланашца а, ярташца а, Іази, шеца йолчу гІаланашца а, ярташца а Мисар-мехкан дозанехь долчу хина тІекхаччалц а, Дуьненаюккъерчу хІорда тІекхаччалц а. Малхбалерчу Йордан-хи тІера малхбузерчу Дуьненаюккъера хІорда тІекхаччалц долу латта шун тайпанашна дакъошкахь дІаделла ас. Вай хІинцале хІаллакдинчу къаьмнийн а, хІаллакдаза дисинчу къаьмнийн а латта ас дІаделла шуна. Малхбузехьарчу агІор дозанна метта Дуьненаюккъера хІорд хир бу, Хьаматан Іинна дуьхьал йолчу меттигна тІе кхаччалц. Иза малхбузехьара долу доза хир ду.
Выбор основного перевода