Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Халкъах дукхахберш байъина охьаэгор бу, ткъа бисинчарна хуур ду, Со Веза Эла вуйла. ТІаккха хуур ду шуна, аша Исраил-мехкан лаьмнашна, кхиссарш а еш, мел дийцинарг Веза Эла волчу Суна хезна хиллийла. Аша бохура: ‹Исраилан мохк бассийна! Иза тхоьга баийта схьабелла бу!› Суна гира царна тІе кІозйохург а, дилха а дуьллуш, цул тІаьхьа царна тІе чкъор озийра, амма царна чохь са дацара. ТІаккха Цо соьга элира: «Адаман кІант, Соьгара болу хаам а беш, дІаала сине: „Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Ва са, массо а маьІІера хьайн Іаь тохий, хІокху хІаллакбиначарна чу са даийта, тІаккха уьш денлур бу’“». Цо Суна тІе-ма-диллара, Ас Хьалдолчу Элера болу хаам бира. ТІаккха цу декъашна чу са деара, уьш ден а делла, хьалагІевттира. Уьш доккха эскар хиллал чІогІа дукха бара. ТІаккха хуур ду шуна Со Исраилан халкъана юкъахь хилар. Со шун Веза Дела ву, кхин цхьа а дела а вац, Сан халкъ кхин цкъа а юьхьІаьржачу а хІуттур дац».
Выбор основного перевода