Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло боху: «ЛадогІа, къоранаш, хьовса, бІаьрзенаш, са гархьама! «Адаман кІант! Исраил-махкарчу лаьмнашна дуьхьал вистхилий, Делера болу хаам бе цаьрга. «Адаман кІант! Соьгара болу хаам Исраил-мехкан лаьмнашка бе: „Исраил-мехкан лаьмнаш! ЛадогІа Везачу Эло бохучуьнга. ТІаккха Цо соьга элира: «Адаман кІант, Соьгара болу хаам а беш, дІаала сине: „Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Ва са, массо а маьІІера хьайн Іаь тохий, хІокху хІаллакбиначарна чу са даийта, тІаккха уьш денлур бу’“». Цундела, Соьгара болу хаам а беш, дІаала цаьрга: „Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Сан халкъ, Ас шун къуббанаш схьайостур ю, цул тІаьхьа Ас шу, шайн кешнашкара ара а даьхна, Исраилан махка юхадалор ду. Юха тІевахана барамах куьг Іоьттира Цо. Барам бахьаш богІу нах севцира. Іийсас элира: «КІант, хьоьга боху Ас: хьалагІатта!» ТІаккха, ден а белла, арабевр бу уьш. Царах дика гІуллакхаш динарш Дела волчохь хедар доцучу дахаре гІур бу. Ткъа шайн дахарехь вон гІуллакхаш динарш шайна кхел яйта денлур бу.
Выбор основного перевода