Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Эпрайман хьагІ а дІаер ю, ЯхІудан мостагІалла дІахедар ду. Эпрайман ЯхІуде хьагІ хир яц, ЯхІуда Эпраймана мостагІалла лелор дац. Цу деношкахь ЯхІудан тІаьхье цхьаьнакхетар ю Исраилан тІаьхьенца. Уьш цхьаьна къилбаседехьарчу махкара Аса шайн дайн дола деллачу лаьтта тІе схьабогІур бу». Ас царна тІе цхьа Іу хІоттор ву, Сайн ялхо волу Дауд. Цо уьш дажор ду, иза церан Іу хир ву. Веза Эла волу Со церан Дела хир ву, ткъа Сан ялхо волу Дауд царна юкъахь эла хир ву. Иза Аса боху, Везачу Эло. Ахьа бехира: ‹И ший а къам а, ший а мохк а сан хир бу, оха уьш схьабохур бу›, цигахь Веза Эла волу Со хиллехь а. ТІаккха яхІудхой а, исраилхой а цхьаьнакхетар а бу, шайна юха а куьйгалхо дІа а хІоттор ву цара. Уьш шайн лаьттара хьалакхуьур бу, хІунда аьлча ИзраІалан де сийлахь хир ду!» Кхин а уьстагІий ду Сан. Уьш кху кертара дац. И уьстагІий а ду Ас Сайн керта дало дезаш. Цара а ладугІур ду Сан озе, тІаккха царах цхьа жа а хир ду, церан цхьа Іу а хир ву.
Выбор основного перевода