Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ахь элира: «Ас барт бина Айса хаьржинчу паччахьца, Ас чІагІо йина Сайн ялхо волчу Даудана: ХІинца тидам бе, Суна тІедуьйла! ЛадогІа Соьга, шайн синош дахийтархьама! Ас гуттар а хин болу барт бийр бу шуьца, Даудана лур ду аьлла долу тешаме диканаш лур ду шуна. Сан махкахь болчу безачу лам тІехь, лекхачу Исраилан лам тІехь, – боху Хьалдолчу Эло, – Суна гІуллакх а деш, лелар ду дерриг а Исраилан халкъ. Ас цигахь хазахетарца тІеоьцур ду шу. Цигахь Со хьоьжур ву аша Суна лерина мел долчу хІумане а, шун тоьллачу сагІанашка а, шун дезачу совгІаташка а. Ас цаьрца машаран барт бийр бу, цу лаьтта тІера къиза акхарой а дІайохур ю. Сан жа цхьа а кхерам боцуш аренгахь дехар ду, цо хьаннашкахь буьйсанаш а йохур ю. Шуна тІехь долу адамаш совдохур ду Аса. Иштта шуна тІехь дерриг а Исраилан халкъ хир ду. Дохийна мел дерг юхаметта а хІоттийна, гІаланаш а адамех хьалаюзур ю.
Выбор основного перевода