Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
соьга, динан да волчу Бузин кІанте Яхьазкхиале, Везачу Элан дош кхечира, со хашадхойн махкахь Кабар-хина уллохь волуш. Цигахь суна тІе Везачу Элан ницкъ боьссира. ТІаккха со Делан Сино хьалаайира. Сайн букъ тІехьа суна чІогІачу гІовгІанан аз хезира. Оцу озо олура: «Ша Іаш волчу меттехь Везачу Элан сийлаллина хастам хуьлда!» Куьг санна йолу меже схьа а кховдийна, Цо сан коьртара месаш схьалецира. ТІаккха Делан Сино со лаьттаний, стигаланий юккъе хьалаайира. Дала хІиттийначу суьрташкахь Цо со Ярушалайм-гІала, Делан цІенна къилбаседехьа йолчу чоьхьарчу кертан кевнна улло, дІавигира, эмгаралла хуьлуьйту цІу лаьтташ волчу. Ша хІоттийначу суьртехь Делан Сино со, хьала а айина, Бавел-махка юхавалийра, Исраил-махкара йийсаре дІабигначу нахана тІе. ТІаккха и сурт соьгара дІаделира. Делан Синах вуьззина веара Іийса Йордан-хи тІера. Делан Сино Иза яьссачу метте дІавигира. Уьш хи чуьра хьалабевлча, Везачу Элан Сино Пилап цигара цІеххьана дІаийцира, ваьІначунна иза кхин ца гира. Самукъа а долуш, шен некъ кхин дІа а бира эфиопхочо.
Выбор основного перевода