Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цул тІаьхьа, дена улло ши кІант схьа а валийна, Эпрам шена аьтту агІор Исраилна аьрру агІор хІоттийра цо, ткъа Маннаш шена аьрру агІор Исраилна аьтту агІор хІоттийра. Амма Исраила шен аьтту куьг Эпраман коьрта тІе диллира, иза жима велахь а, ткъа аьрру куьг, аьттучунна тІехула а даьккхина, Маннашан коьрта тІе диллира. Цхьа Іалашо йолуш дира цо иштта, Маннаш дуьххьарниг воллушехь. «Исраилан халкъе дІа а алий, церан тайпанашка хьаьжжина, шийтта Іаса схьаэца, хІора тайпанан куьйгалхочуьнгара цхьацца Іаса. Церан хІораннан цІе шен Іасанна тІе дІаязъе. Церан лардаран таронаш чІагІ а йина, царна тІехь хьаькамаш а хІиттийна, кхача, даьтта, чагІар чохь латто гІишлош нисйира РахьбуІама. ХІора гІалина турсаш а, гоьмукъаш а делла, кхачам боллуш чІагІйира цо и гІаланаш. РахьбуІаман карахь дара ЯхІудан а, Бен-Яманан а тайпанаш. Исраил-махкахь массо а маьІІехь мел волу динан да а, левихо а РахьбуІам волчу схьагулвелира. Шайн дежийлаш а, долахь мел дерг а дитина, ЯхІуд-махка а, Ярушалайме а схьабаьхкира уьш, хІунда аьлча ЯрбаІама а, цуьнан кІенташа а Везачу Элана гІуллакх деш болчуьра дІабаьхнера уьш. СагІа доккхучу гунаш тІехь гІуллакх дан а, гезарийн а, эсийн а куьцехь ша байтинчу цІушна Іамал ян а шен динан дай къобалбинера ЯрбаІама. Левихой баьхкинчул тІаьхьа, Исраилан халкъан Веза Дела лаха шайн дегнаш тІедерзийна болу Исраилан хІора тайпанах болу нах Ярушалайме богІура, шайн дайн Дела волчу Везачу Элана сагІа даккхархьама. ЯхІудан пачхьалкх чІагІ а еш, Сулиман кІант волчу ЯрбаІамехьа а болуш, Іийра уьш кхаа шарахь. ХІунда аьлча оцу кхаа шарахь Даудан а, Сулиман а некъахула лелаш бара уьш. Массо а яхІудхой, бен-яманхой, цаьрца цхьаьна баха охьахевшина болу, Эпрайман а, Маннашан а, ШимІин а тайпанашкара болу нах тІегулбира цо, хІунда аьлча Аса-паччахьан Веза Дела Асица вуйла шайна хиъча, дукхахболу исраилхой цуьнгахьа бевлира. «Адаман кІант, кибарчиг схьа а эций, иза хьайна хьалха дІахІоттае, ткъа цунна тІехь Ярушалайм-гІалин сурт дилла. Иза хьо дина ваьллачул тІаьхьа, аьтту агІор а верзий, шовзткъа дийнахь Іилла. Цу деношкахь ахьа ЯхІудан халкъан къинош хьайна тІеоьцу, цхьа де цхьана шарца а нисдеш: оццул хан ю Ас хьуна билгалъяьккхинарг. Ас ЯхІудан цІа чІагІдийр ду, Юсупан цІа кІелхьардоккхур ду. Ас уьш юхаберзор бу, Со царна къинхетаме хилла дела, ткъа уьш а хир бу, Ас дІа ца тесча санна. Со церан Веза Дела ву, Цара орца даьккхича, Ас царна жоп лур ду.
Выбор основного перевода