Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Амма Аса цаьрга цхьа весет дира: „Соьга ладугІуш хила, ткъа Со шун Дела хир ву, шу Сан къам хир ду. Аса шайна тІе мел дехкинчу некъашкахула лела, шайн хьал дика хилийтархьама“, – аьлла. Сан халкъо, ша цига юхадирзича, берриг а дегаза а, ирча а цІуш схьа а гулбина, уьш хІаллакбийр бу. Иза Ас дийр ду, тІейогІучу ханна Исраилан халкъ Суна уллора дІа ца далийта а, къинош летош шаьш сийсаз ца дахийта а. Царах Сан халкъ хир ду, ткъа Со церан Дела хир ву’“. Иштта боху Хьалдолчу Эло». Ас шуна тІе цІена хин цинцаш деттар ду, тІаккха шайн мел йолчу боьхаллех цІан а лур ду шу. Шун массо а цІуйх Аса цІандийр ду шу. ТІаккха Ас шайн дайшна деллачу лаьтта тІехь дехар ду шу, шух Сан халкъ хир ду, ткъа Со шун Дела хир ву Оцу озо соьга элира: «Адаман кІант! ХІара меттиг Сан Іаршан меттиг а, иштта Сан когийн кІело лаьтта меттиг а ю. Со Сайн Исраилан халкъана юкъахь массо а ханна вехар волу меттиг ю хІара. Исраилан халкъо – я наха а, я церан паччахьаша а – кхин цкъа а Сан еза цІе бехйийр яц, Суна тешаме а доцуш, кхечу деланашна Іамал ярца а, шайн сагІа доккхучу гунашна тІехь шайн паччахьийн декъий дІадохкарца а.
Выбор основного перевода