Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха лаьттан поппарх адам кхоьллира Везачу Дала, цунна чу са а дуьллуш, ткъа и адам денделира. Хьайн юьхь Ахьа къайлаяьккхича, уьш доьхна хьийза, шайн са Ахьа дІадаьккхича, уьш ле, чан хуьлий, дІа а довлу. Ахьа царна Хьайн са делча, уьш кхуллу, цу тайпана Ахьа лаьттан сибат цІиндо. ТІаккха Цо соьга элира: «Адаман кІант, Соьгара болу хаам а беш, дІаала сине: „Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Ва са, массо а маьІІера хьайн Іаь тохий, хІокху хІаллакбиначарна чу са даийта, тІаккха уьш денлур бу’“». Цо Суна тІе-ма-диллара, Ас Хьалдолчу Элера болу хаам бира. ТІаккха цу декъашна чу са деара, уьш ден а делла, хьалагІевттира. Уьш доккха эскар хиллал чІогІа дукха бара.
Выбор основного перевода