Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цо Шен ялхо волу Дауд хаьржира, иза дежийлашкара схьа а ваьккхира. Цо иза уьстагІий Іалашдечуьра схьаваьккхира, цуьнга, Іуьне санна, Шен Якъубан халкъ дажадайта, Шен долахь долу Исраилан халкъ цуьнга Іалашдайта. «Синтем луо, синтем луо Сан халкъана, – боху шун Дала. – «ТІекхочуш ю цхьа зама, – боху Везачу Эло, – Аса Даудан тІаьхьенах Сайн лаамехь волу цхьа зІийдаг кхиор йолу. Цо хьекъалца паччахьалла дийр ду, хІокху лаьтта тІехь нийсо а, бакъдерг а лелор ду. Амма уьш шайн Везачу Далла а, Аса царна хІоттор волчу, Даудан тІаьхьенах волчу шайн паччахьна а гІуллакх деш лелар бу. Аренгарчу дитто стоьмаш а лур бу, лаьтто ялта а лур ду, Сан уьстагІий шайн лаьтта тІехь кхерамехь хир дац. Ас дохор ду церан кочара дукъ, царах леш бинчу нехан карара уьш схьабохур бу Аса. ТІаккха хуур ду царна, Со Веза Эла вуйла. Ас шуна чу Сайн Са дуьллур ду, Аса шу Сайн парзашца лоьлуьйтур а ду, Сан тІедехкинарш, лар а деш, кхочушдойтур а ду. Цул тІаьхьа исраилхой юха а боьрзур бу, шайн Веза Дела а, Даудан тІаьхьенах волу шайн паччахь а лохур ву цара. ТІаьхьарчу деношкахь Везачу Элана хьалха ларамах а, Цуьнан диканах а буьзна хир бу уьш. Со дика Іу ву. Дикачу Іуьно шен са а дІало шен уьстагІийн дуьхьа.
Выбор основного перевода