Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Буьйса юккъе яхача, Везачу Эло Мисар-махкахь массо а хьалха вина кІант валийтира, паччахьан гІантахь Іаш волчу пирІунан хьалхарчу доьзалхочунна тІера набахти чохь волчу стеган доьзалхочунна тІекхаччалц. Хьалха дуьнен чу даьлла боьрша даьхни а далийтира. Сагалматийн тІемийн гІовгІанах дуьзна долчу а, Хуша-махкарчу хишна дехьа долчу а лаьттан къа ду. Нил-хина тІехула шайн векалш бохуьйту цу лаьтта тІера, ткъа уьш эрзах динчу хинкеманаш тІехь хишна тІехула лела. ТІах-аьлла векалш, дІадуьйлало! Лекхачу а, шера чкъор долчу а халкъана тІе гІо! Оцу къомах массанхьа а кхоьруш бу. Къизачу цу халкъо шен мостагІий хьоьшу. Цуьнан мохк хиша цистина бу. ТІаккха элира Везачу Эло: «Сан ялхо ЕшаІ-ЯхІу кхаа шарахь верзина а, когаш Іуьйра а лийлира, иза Мисар-махкана а, Хуша-махкана а хиндолчунна билгало яра. Ашур-мехкан паччахьо, Мисар-мохк а, Хуша-мохк а схьа а баьккхина, цигара къона а, къена а йийсархой дІабуьгур бу. Берзина а, когаш Іуьйра а хир бу уьш, ур-атталла церан вареш ерзина хир ю, Мисарна эхь хетийтархьама. «Дуккха а долчу халкъийн дегнаш гІайгІане хилла дІахІуьттур ду, Ас хьох дисина дакъош кхечу къаьмнашна юкъахь дІасадаьхьча а, хьуна ца девзачу мехкашка уьш дІадаьхьча а. Ас дуккха а халкъаш Іадор ду, церан паччахьаш чІогІа кхералур бу, Ас шайна хьалха Сайн тур ластийча. Хьо боьжначу дийнахь берриг а паччахьаш, кхоьруш, бегош хир бу, царах хІорра а, шайн дахар бахьана долуш, кхоьруш хир бу». Ахьа эр ду: ‹Со ваха а вахана, чІагІйина йоцучу гІаланашна тІелетар ву. Уьш маьрша бехаш бу, шайна цхьа а кхерам бац бохуш, церан я пенаш а дац, я гІорашца къовлуш долу кевнаш а дац.
Выбор основного перевода