Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Тахьпанхьас-гІалахь Ярми-ЯхІуга хІара хаам кхечира Везачу Элера: «Масех боккха тІулг а лахий, Тахьпанхьас-гІаларчу пирІунан цІенна чу воьдучу меттигна хьалха йолчу майданан поппар буха дІадохка уьш, берриг а яхІудхочунна гуччохь. Ахьа и хІума деш гуш болчу яхІудхошка ала: „Исраилан халкъан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло хІара боху: ‘Ас Сан лай волчу Бавелан паччахье Набухди-Нецаре кхуза схьакхайкха бохуьйтур бу. Ас цуьнан паччахьан гІант кхузахь Айса дІадоьхкина долчу тІулгаш тІехь дІахІоттор ду. Цу тІулгаш тІехь Набухди-Нецара шен паччахьан четар дІахІоттор ду. Иза, кхуза схьа а веана, Мисар-махкана тІелетар ву. Іожаллина леринарг Іожаллина гІур ву, йийсаре вигийта леринарг йийсаре гІур ву, ткъа туьро вен леринарг туьра кІел гІур ву. Набухди-Нецара мисархойн деланийн цІеношкахь цІе латор ю, цигара цІуш я багор бу, я йийсаре дІабуьгур бу. ЖаІуьно шен бедар мезех цІан ма-ярра, Мисар-мохк цІанбийр бу цо, цул тІаьхьа маьрша цигара ара а вер ву. Набухди-Нецара Ана-гІалахь долчу харцделанашна хІиттийна тІулгаш дохор ду, ткъа мисархойн харцделанийн цІенош цІарца дагор ду’“». «ХІара хаам дІакхайкхабе Мисар-махкахула, дІахаийта иза Мигдол а, Нуп а, Тахьпанхьас а гІаланашкахь: „Лардаран раьгІнашкахь дІахІиттий, тІамана кечло, мостагІчун туьро хьуна гонах мел долу къам дІакхоллу дела. Иза уллохь ду, Везачу Элан де. Кхоьлина хир ду и халкъашна гІайгІане долу де. Аренгарчу дитто стоьмаш а лур бу, лаьтто ялта а лур ду, Сан уьстагІий шайн лаьтта тІехь кхерамехь хир дац. Ас дохор ду церан кочара дукъ, царах леш бинчу нехан карара уьш схьабохур бу Аса. ТІаккха хуур ду царна, Со Веза Эла вуйла.
Выбор основного перевода