Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Исраилан халкъан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло боху: «Ас кестта таІзар дийр ду Ну-гІалахь волчу Амин-харцдалла а, иштта ПирІунна а, Мисар-махкана а, цуьнан деланашна а, паччахьашна а, пирІунах тешна Іаш мел болчарна а. Ас Мисар-махкана тІе цІе хьажор ю, ткъа Син лазаршка хьийзайойтур ю, Ну-гІала а хІаллакьхир ю, дийнан юккъехь Нуп-гІалина тІелетар бу мостагІий. Бохам болчуьра исраилхой дІагІахь а, уьш Мисар-махко схьагулбийр бу. Нуп-гІалин лаьттахь дІабухкур бу уьш. Ниттийн дола евр ю церан детин хІуманаш. Коканийн кІохцалш девр ду церан цІенош тІехь.
Выбор основного перевода