Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Исраил-махкахь Іаш берш, бохаман рагІ шуна тІекхаьчна. Дог доьхначеран зама тІекхаьчна, уллохь ду лаьмнашкахь синкъераман гІовгІа ца хеза де. ТІекхаьчна зама, тІедеана къематде. ХІума эцнарг цунах воккха ма вевойла, ткъа хІума йоьхкинарг цунах дог доьхна ма хуьлийла, хІунда аьлча Сан оьгІазвахар массарна а ду. Тахьпанхьас-гІалахь де кхулур ду, Ас цигахь Мисар-мехкан дукъ кагдинчул тІаьхьа, цигахь дІабер бу цуьнан кура ницкъ а. Мархаш йогІур ю Мисар-махкана тІе, ткъа цуьнан гІаланийн бахархой йийсаре гІур бу. Массо а халкъашна гергадеана Везачу Элан къематде. Аша диннарг шуна а дийр ду. Хьакъ мел дерг шун кортош тІе доьрзур ду. Хьалдолчу Элана хьалха дист ца хуьлуш дІасовца! ХІунда аьлча гергадеана Везачу Элан де. Везачу Эло кечбина сагІина урс хьакха леринарг, схьакъастийна Ша кхайкхинарш. Гергга ду Везачу Элан сийлахь-доккха де. Гергга а ду, чІогІа сихделла а догІу. ЛадогІал! Везачу Элан де ма къаьхьа белхар ду! Уггар майрачу тІемалочо а цІогІа детташ ду!
Выбор основного перевода