Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Мисархой къизачу куьйгалхочун кара лур бу Ас. Дера паччахь хир ву царна тІехь олалла деш», – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. Нил-хи а жимлур ду, арахула догІу хи а, лакъа а лекъна, дІадер ду. Хин татолех вон хьожа йогІур ю. Мисар-махкара хин гаьннаш, жим а делла, лекъар ду. Эрзаш маргІалдулур ду. Иштта ала: „Хьалдолчу Эло боху: ‘Мисар-мехкан паччахь волу пирІун, Со хьуна дуьхьал ву, хьо боккха саьрмик санна ву, хьан Нил-хин гаьннашна юкъахь Іуьллуш болу. Ахь боху: ‹ХІара Нил-хи сан ду, иза аса кхоьллина а ду›. Бассалур бу Мисар-мохк, тІаккха хуур ду мисархошна Со Веза Эла вуйла. ‹ХІара Нил-хи сан ду, хІара ас кхоьллина а ду› ахь алар бахьана долуш, Со хьуна а, хьан хишна а дуьхьалваьлла. Ас бассор бу Мисар-мохк Мигдолара дуьйна Савейнина тІе кхаччалц а, цигара Хушин дозанна тІе кхаччалц а.
Выбор основного перевода