Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Мисар-махкахь, ЦоІан олучу кІоштахь, церан дайн бІаьргашна хьалха гайтира Цо тамашийна хІуманаш. Царна дицделлера Мисар-махкахь Цо шайна Іаламаташ дар, иштта ЦоІан-кІоштахь царна тамашийна гІуллакхаш гайтар. Мисар-махкахь Іаш болчу яхІудхошка дІаала беза хаам кхечира Ярми-ЯхІуга Везачу Элера. Уьш Мигдол-гІалахь а, Тахьпанхьас-гІалахь а, Нуп-гІалахь а, мехкан къилберачу декъахь а баха хевшинера. ХІара бу и хаам: Ахьа дукхазза а къинош леторна а, ахьа харцахьа йохкаэцар лелорна а, хьайн еза меттигаш ахьа бехйина. Хьуна чуьра цІе схьаяьккхина Ас, цо хьо дІа а кхаьллина. Хьо, чим бина, дІахІоттийна Ас, хьоьга хьожуш мел волчунна хьалха. Ас юхабалор бу мисархойн йийсархой, уьш схьабевлла долчу ПатІрусан лаьтта тІе схьабалор бу Ас уьш, амма церан пачхьалкх кхин чІагІъелла дІахІуттур яц. Ас Сайн оьгІазалла Мисар-мехкан Син цІе йолчу чІагІонна тІе йоссор ю, Ну-гІалахь дерриг адам а хІаллакдийр ду. Ас Мисар-махкана тІе цІе хьажор ю, ткъа Син лазаршка хьийзайойтур ю, Ну-гІала а хІаллакьхир ю, дийнан юккъехь Нуп-гІалина тІелетар бу мостагІий.
Выбор основного перевода