Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха элира Везачу Эло: «Сан ялхо ЕшаІ-ЯхІу кхаа шарахь верзина а, когаш Іуьйра а лийлира, иза Мисар-махкана а, Хуша-махкана а хиндолчунна билгало яра. Цундела Хьалдолчу Эло иштта боху: ‘Ас хьуна тІе тур хьалаойур ду, хьан адамаш а, дийнаташ а хІаллак а деш. Цундела Хьалдолчу Эло боху: «Ас Мисар-махкара латтанаш Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецарна дІалур ду, цуьнга мисархойн лаьтта тІехь талораш а дайтина, церан бахам шен тІемалошна, алапа санна, дІабалийта. Хуша а, ПІатІа а, Луда а мехкийн халкъаш а, Хуба-мохк а, дерриг а эделла долу халкъ а, иштта Дала ваІданца беллачу махкара бахархой а туьро хІаллакбийр бу’. Цу дийнахь хинкеманашца Соьгара геланчаш гІур бу, шена кхерам бац бохуш, Іаш долу Хуша-къам кхеро. Мисар-махкана таІзар дечу оцу дийнахь уьш кхерарна Іадийна хир бу. И де билггал тІекхочуш ду!’ Иза ша а, кхечу къаьмнашна юкъара уггар а къиза долу цуьнан эскар а Ас Мисар-махкана тІе хьажор ду, и латта хІаллакдайтархьама. Цара шайн тарраш хьала а даьхна, дерриг а латта декъех хьаладузур ду.
Выбор основного перевода