Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Со Веза Эла вуйла хуур ду царна, Ас Мисар-махкана тІе цІе а хьажийна, цуьнан гІортораш хІаллакьхиллачул тІаьхьа. Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Ас цІуш а бохор бу, Нуп-гІалара харцделанаш а хІаллакбийр бу. Мисар-махкахь кхин хир вац куьйгалхо. Ас кхерам тосур бу Мисар-махкахь бехаш болчеран даг чу. Ас ПатІрус-кІошт яссор ю, ЦоІан-гІалина тІе цІе хьажор ю, ткъа Ну-гІалина кхел йийр ю. Ас Сайн оьгІазалла Мисар-мехкан Син цІе йолчу чІагІонна тІе йоссор ю, Ну-гІалахь дерриг адам а хІаллакдийр ду.
Выбор основного перевода