Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цу бахьаненна Везачу Эло оьгІазалла Шен халкъана тІе йоссор ю, Цо, тІе куьг а кховдийна, таІзар дийр ду цунна. Цу хенахь лаьмнаш хир ду дегош, адамийн декъий а хир ду арахь Іохкуш, гоьргаш санна. И дерриг а хилча а, Везачу Элан оьгІазалла дІаялаза хир ю, Цуьнан куьг а дІакховдийна лаьтташ хир ду. Иза ша а, кхечу къаьмнашна юкъара уггар а къиза долу цуьнан эскар а Ас Мисар-махкана тІе хьажор ду, и латта хІаллакдайтархьама. Цара шайн тарраш хьала а даьхна, дерриг а латта декъех хьаладузур ду. Цундела иштта боху Хьалдолчу Эло: «Со дуьхьал ву Мисар-мехкан паччахь волчу пирІунна. Ас ший а куьг кагдийр ду цуьнан, кагдинарг а, кагдаза дерг а, Ас дожор ду цуьнан карара тур. Ткъа Бавелан паччахьан куьйгаш Ас чІагІдийр ду, цуьнан кара Сайн тур а лур ду, ткъа пирІунан куьйгаш Ас кегдийр ду. Иза цунна хьалха, валлал чІогІа лазийнарг санна, узарш деш хир ву.
Выбор основного перевода