Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Делха, герга ду Везачу Эло кхел ен де. Цу дийнахь Нуьцкъалчо дерриг а хІаллакдеш болу ницкъ гойтур бу. Шен дІасадаржийна долчу уьстагІашка Іу ма-хьажжара, хьожур ву Со цаьрга. Ас уьш паргІатдохур ду Іаьржачу кхоьлинчу дийнахь уьш дІасадаржийна хиллачу меттигашкара. Лакхийша маІа Цийон-лам тІехь! Орца даккхийша Сан безачу лам тІехь! Бегабойла хІокху мехкан берриг а бахархой, хІунда аьлча Везачу Элан де тІедогІу, иза герга ду. Велха, узарш а деш, адаман кІант, хІунда аьлча и тур Сан къомана а, берриг а Исраилан элашна а дуьхьал даьккхина ду. Уьш Сан къомаца цхьаьна хІаллакбина хир бу. Цундела велха, хьайн некха тІе куьйгаш а детташ. Дастало, маларо дахийнарш, делха, тийжа, массо а чагІар муьйлурш, шайн багара иза дІадаьккхина дела! Эхьах дузийша, латталелорхой, делхийша, кемсашлелорхой, гІайгІане хилийша кІена а, мекхана а, хІунда аьлча хІаллакьхилла кхаш тІехь ялта. Сингаттаман духар а духий, юкъ а ехкий, делха, динан дай! Тийжа, сагІа доккхучу кхерча тІехь гІуллакх дийраш! Схьадуьйла, сингаттаман духарш а духий, буьйсанаш яха, сан Далла гІуллакх дийраш! ХІунда аьлча шун Делан цІа чохь лелош дац кІен а, чагІаран а сагІа даккхар.
Выбор основного перевода