Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
‘Сайн къегаш долу тур Ас ирдича, Сан куьйго кхел яран герз схьаэцча, Ас бекхам бийр бу Сайн мостагІашна, Со ца везачарна а дийр ду царна доггІург. „Мел лелар ду хьо, Везачу Элан тур, саццаза таІзар деш? – боху аша. – Юхадерзахьа хьайн батта чу, сацахьа, меттадолахьа“. Ахьа дІаала цаьрга: „Иштта боху Везачу Эло: ‘Дийна волчу Сайх чІагІо йо Аса, цу йохийначу гІалин саьлнаш юкъахь Іаш болу нах туьро хІаллакбина хир ма бу. Аренгахь нисбелларш Ас акхарошна дІалур бу, цаьрга байъийта, ткъа чІагІонаш чохь а, хьехаш чохь а дІалевчкъинарш Іожаллин уьно хІаллакбийр бу.
Выбор основного перевода