Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цундела массеран а куьйгаш, чуьра са дІадаьлча санна, охьагІур ду, хІораннан дог, Іадийна, дешар ду. Иштта боху Хьалдолчу Эло: «Бохамна тІаьхьахІоьттина богІуш бохам бу! ТІекхочуш ю чаккхе! Улло кхаьчна чаккхе. Иза кестта шу долчохь хир ю. Иза хІинцале а тІекхаьчна. Массеран а куьйгаш охьадахана хир ду, ткъа церан когийн голаш, хи санна, егош хир ю. Цхьа сингаттам дІабалале важа сингаттам схьакхочур бу, цхьа ирча кхаъ схьакхаьчна балале важа а кхочур бу. Цара пайхамаршка хоьттур ду, амма царна суьрташ хІуьттур дац. Динан дайшка нахана товрат Іамалур дац, къаношка царна хьехам а балур бац. Сатохалур дуй те хьан даге, чохь са долуш санна хир дуй те хьан куьйгаш, Ас хьуна бекхам бечу заманахь? Веза Эла волчу Аса иштта элира, ткъа Айса аьлларг кхочуш а дийр ду Аса. Гой хьуна, и хІума тІекхочуш ду, иза кхочуш а хир ду, – боху Хьалдолчу Эло. – Ас дийцина долу де ма ду иза!
Выбор основного перевода