Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Массо а ницкъийн Везачу Эло Шех чІагІо йина: «Бавел, Ас хьуна чу, цІоз санна, дукха адамаш хоьцур ду, хьуна тІехь толам баккхарна цара маьхьарий а хьоькхур ду». ТІаккха гІалина го лаца: иза схьаяккхархьама тІеман гІирс а дІахІоттабе, лаьттан гунаш а де, меттаметтанаш а де, царна гонах кевнаш дохош долу бІогІамаш а хІиттаде. Уьш хьуна тІелетар бу герзашца а, гІудалкхашца а. Церан йоккха тоба хир ю, доккхачу а, жимачу а турсашца а, гІемашца а. Цара хьуна го бийр бу, ткъа Ас хьо церан кара дІалур ю, цаьрга хьуна тІехь кхел яйтархьама. Иштта цара, шайн Іадаташка хьаьжжина, хьуна таІзар дийр ду.
Выбор основного перевода