Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ткъа Веза Эла цунах воьлу, хІунда аьлча Іесачун тІаьххьара де тІекхочуш хилар го Цунна. Царна даьсса суьрташ а го, цара харцахьа пал а туьйсу. Цара боху: ‘Везачу Эло иштта олу’, Везачу Эло шаьш нахана тІе бахийтина боццушехь. Мелхо а, шаьш аьлла дош кхочушхиларе хьоьжу уьш! Даьсса суьрташ-м ца гина те шуна, иштта харцахьа пал-м ца тийсина те аша, ‘Везачу Эло иштта боху’ а олуш, Аса хІумма а аьлла доццушехь?“ Цундела Хьалдолчу Эло иштта боху: „Соьгара ду бохуш, аша нахана дийцинарг даьсса хиларна а, шун суьрташ харц хиларна а, Со шуна дуьхьалваьлла. Шайна даьсса суьрташ гуш болчу а, харцахьа пал туьйсуш болчу а пайхамаршна таІзар дан Сайн куьг хьалаайина Аса. Сан къоман кхеташонехь уьш кхин хир бац, церан цІераш Исраилан халкъана юкъахь дІаязйина хир яц, уьш цкъа а Исраил-махка юха а богІур бац. ТІаккха хуур ду шуна, Со Хьалдолу Эла вуйла. Ткъа хьо, Исраилан халкъан зуламе куьйгалхо, хьан тІаьххьара де тІекхаьчна, оцу дийнахь хьуна кхоччуш таІзар дийр ду». Мехкан пайхамарш вочу пена тІехь кир тухуш санна лела, хІунда аьлча царна эрна суьрташ а го, цара харцболу пал а туьйсу. Цара боху: „Иштта олу Хьалдолчу Эло“, Веза Эла волчу Аса шайга хІумма а ца дийцинехь а. Гуттара а Сан халкъана дуьхьал хьан мостагІалла а дара, ткъа цунна хала киртиг тІехІоьттинчу хенахь, царна тІехь долу таІзар кхоччуш хилча, ахь Сан халкъ дІаделира, туьре хІаллакдайтархьама.
Выбор основного перевода