Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Адаман кІант, кибарчиг схьа а эций, иза хьайна хьалха дІахІоттае, ткъа цунна тІехь Ярушалайм-гІалин сурт дилла. ТІаккха гІалина го лаца: иза схьаяккхархьама тІеман гІирс а дІахІоттабе, лаьттан гунаш а де, меттаметтанаш а де, царна гонах кевнаш дохош долу бІогІамаш а хІиттаде. Цул тІаьхьа бепиг дотту аьчка у схьа а эций, хьайний, цу гІалиний юккъе дІахІоттаде. Цу гІалина тІе а верзий, цунна го а бай, иза схьаяккха хьажа. Иза Исраилан халкъана билгало хир ю. адамийн дегнаш дашорхьама а, охьаэгнарш дуккха а хилийтархьама а. Церан хІорра а кевнехь Аса хІаллакдайтаран тур хІоттийна. ЭхІ, ткъес санна къегийта дина ду иза, хІаллакдайтарна даьккхина!
Выбор основного перевода